ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман зуламхошна Сербехь лечкъа гIо деш хилла 13 стаг



ТIеман зуламхошна кхелах лечкъаш лела гIо деш хилла 13 стага аьлла, шеко йолуш ду Сербин Iедалш. Цуьнах лаьцна ПIераскан дийнахь хаам бина Сербин тIеман зуламашкахула волчу коьртачу прокуроро Вукчевич Владимира.

Цо дийцарехь, хIинца а официала кепара цу нахе бехк кховдийна бац. Талламхоша дийцарехь, Боснерчу сербийн армин буьйранча хиллачу Младич Раткон лачкъа гIо дина 6 стага, шайна юкъахь Сербин армера лаккхарчу даржехь волу стаг а волуш. Кхин а 7 стаго дIалачкъийна латтош хилла кхерамазаллин сервисан белхахо хилла волу Жуплянин Стоян.

Младич Ратко лецира Iедалша стохка. Жуплянин лецира 2008-чу шарахь. Цьаршинна таIзар хIинца а кхайкхийна дац ХIаагерчу кхело.
XS
SM
MD
LG