ТIекхочийла долу линкаш

Младичан кхел юхадIайолор ю ХIаагехь Товбеца-беттан 9-чу дийнахь



Боснерчу сербийн армин буьйранча хиллачу Младич Раткон гIуллакх къастор юха а дIадолор ду Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараланн Дуьненаюкъарчу трибунало тIебогIучу Товбеца-беттан 9-чу дийнахь.

Кху баттахь хьалхо ХIаагерчу кхелан векалша дIахьедар дира, процесс сацийна шаьш цу гIуллакхца йоьзна йолу материалаш Младичан адвокаташка дIалуш, цхьацца гIалаташ далийтарна, аьлла.


Младич Ратко кхелах ведда лийлира 16 шарахь. Стохка Стигалкъекъа-баттахь Сербин Iедалш лецира иза, Дуьненаюкъарчу трибунало лоьхуш хиларна. Младичана бехке дуьллуш ду геноцид лелор а, кхин долу тIеман зуламаш дар а.

1990-чу шерашкахь Боснехь тIемаш доьлхуш ша зуламаш дина хилар тIе ца дуьту Младича.
XS
SM
MD
LG