ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн кема чудаийтар дийцаре дийр ду НАТО-н кхеташоно


ПIераскан дийнахь Шеман тIеман ницкъаш чудаийтина кема долу меттиг карийна туркойн орцахошна. Цуьнан кийсакаш Iохкуш ю Дуьненаюкъарчу хIорд чохь 1300 метр къоргенехь. Пилотех хилларг хIун ду хIинца а хууш дац.

КIирандийнахь Iуьйринна Туркойчоьно официалан нота яхьийтина Димашкъе. Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Давутоглу Ахьмада дIахьедар дина, шайн кема чудаийтина дуьненаюкъарчу территори тIехь, цхьа а дина дIахьедар а доцуш, аьлла.

Давутоглуна хетарехь, кема цхьана ханна Шеман территори тIе даьлла хила а мега. Амма цо дийцарехь, цуьнан Iалашо йоьзна яцара цу махкахь йоьдуш йолчу конфликтаца.

Шинарийн дийнахь, туркойн дехарца, хIоьттина долу хьал дийцаре дийра ду НАТО-н кхеташоно.
XS
SM
MD
LG