ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-н виъ эскархо вийна ОвхIанистанехь



НАТО-н 4 эскархо вийна даханчу дийнахь-бусий ОвхIанистанан Къилбехь. Цу Альянсан буьйранчалло дийцарехь, царах цхьаъ вийна, тIалибашца хиллачу тIамехь. Кхин цхьаъ вийна, некъаца йоьллина бомба а эккхийтина. НАТО-н кхин а ши эскархо вийна, некъахьовзам а хилла. Цу хиламехь вийна мехкадаьтта дохьуш йогIучу машенахь хилла волу меттигера ши машенлелорхо а.

Мехкадаьттан яй тIехь болу машен а, эскархой тIехь болу машен а дуьхь-дуьхьалкхетта Кандагарехь йолчу НАТО-н тIеман базанна генадоццуш.

Цул сов, оцу регионехь, гал а даьлла, охьахиина дуьненаюкъарчу тIеман ницкъийн беркема. Вийна а, лазийна а стаг ву-вац дуьйцуш дац. Цкъачунна хууш дац беркема галдалар стенца доьзна ду а.
XS
SM
MD
LG