ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисаран керла президент хаьржина Мурси Мухьаммад



Мисаран президент хаьржина Мурси Мухьаммад аьлла, дIахьедар дина коьртачу харжамийн комиссино. Мурси Мухьаммад «Маршонан а, нийсонан а партин» лидер ву. И парти политикан тIам бу «Бусулба-вежарий» олучу исламан боламан.

Мурси инженер ву. Цо дешна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Мурси Мухьаммад Парламентан депутат хилла ву, Мубарак ХIосни президент волуш. Иза вара цхьаннех а возуш воцу депутат.

КъахIирахь, къепедацарш хилахь а аьлла, дIатарбина бу полицин ницкъаш. Президентан харжамийн жамIаш довзийтар тIаьхьатеттинера коьртачу харжамийн комиссино масийтта денна.

Шиа а кандидат – «Бусулба вежарий» партино гIортор еш волу Мурси Мохьаммад а, Мубарак Хьосни президент волуш цхьаьна ханна премьер-министр лаьттина волу Шафик Ахьмад а -дIахьедарш деш вара, ша-ша тоьлла бохуш.
XS
SM
MD
LG