ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

30 шеман эскархо Туркойчу вахана шайн доьзалшца тхов-кIело еха


Туркойчоьнан пачхьалкхан хаамийн Анадолу агенталло дийцарехь, Шеман эскарера 30 сов тIеманхо, яханчу буса Шеман а, Туркойчоьнан а доза а хадийна, Туркойчу вахана, шайн доьзалшца кIелхьарволийла еха.

16 баттахь Шемахь лаьттачу тIеман конфликтах бевдда, карарчу хенахь эзарнаш шемахой бу Туркойчохь дIатарбелла.
Димашкъана йистерчу Думера иттаннаш шемахой дIабахана, шайн хIусамаш дIа тесна.

ГIаттамхойн гIортор лоручу Думина пачхьалкхан ницкъаша герзаш детта шолгIа кIира ду. И аьлла, меттигерчу жигархошна тIе а тевжаш хаам бина ДПА агенталло. Оццу хьостан хьесапехь, Хомсехь деттачу герзашкахь велла цхьа стаг, кхин а шийттанна чевнаш йина.
Даханчу кIиран дийнахь Шемахь 90 стаг велла, царах дукхах берш Дейр-эр-Зорехь белла бу.
XS
SM
MD
LG