ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан агIо лаьцна НАТОно


Туркойчоьнан агIо а лаьцна, деношкахь туркойн тIеман хIаваан кема чудожийна Шема пачхьалкх бехке йина НАТОн берто. И аьлла дIахьедар дина Брюсселехь, Туркойчоьнан дехарца НАТОн кхеташо вовшахтоьхначу Къилбседа Альянсан куьйгалхочо Расмуссен Андерса. Оццу хенахь цо билгалдаьккхира, НАТОн 5-чу бартаца а догIуш, НАТОн цхьана декъашхочунна динарг, берриг бартана динарг санна лору хаттар дийцаре ца дина цу кхеташонехь.

Шен агIора, Туркойчоьнан премьер-министро ЭрдогIан Реджепа аьлла, Шемано динарг жоп доцуш дуьсур дац. Муьлхха а доза дохош, Шеман ницкъаша яьккхинчу гIулчана дуьхьал Туркойчоьно герз тухур д, аьлла.

Шайн мехкан хIаваъан доза хадорна чудаийтинера шаьш туркойн кема, бохуш чIагIдо Шемано. Амма, Хьонкаро бахарехь, варе ца деш, дуьненаюкъарчу хIаваан дозанехь чудаийтина ду церан кема.
XS
SM
MD
LG