ТIекхочийла долу линкаш

Парижехь зкономикан кризис йийцаре еш бу Германин, Францин, Италин, Испанин а финансийн министрш


Европан Бертан уггар йоккхачу еа пачхьалкхийн – Германин, Францин, Италин, Испанин а финансийн министрш Парижехь цхьанакхетта, кIира чекхдолуш хир йолу самит йолаялале дагадовларш дан.

Европан зонехь декхаршца хIоьттинчу хьолаца къийса тарлун агIонаш йийцаре еш бу уьш. ХьастагIа, Европан Барте Испанино шен банкийн системина гIо де аьлла, официала кепар дIахьедар дича, дуьненаюкъарчу Moody's агенталло лахъйина Испанерчу 28 банкан кредитан рейтинг. ГIо дехна ишта, Кипро а.

Коьрта пачхьалкхаш – Франци а, Германи а цкъачунна барт хуьлуш яц, яха еха еза гIулчаш хьокъехь.
Оршот дийнахь Европерчу фондийн биржашкахь цIеххьаша охьаэга дуьйладелира бизнес дакъош, тахана уьш мелла а лакхадевлла. Долларца дуьстича, евро охьадужуш ду.
XS
SM
MD
LG