ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьнан агIо лаьцна НАТОно


Туркойчоьнан агIо а лаьцна, деношкахь туркойн тIеман хIаваан кема чудожийна Шема пачхьалкхера кхоччуш бехк баьккхина НАТОн берто. И аьлла дIахьедар дина Брюсселехь, Туркойчоьнан дехарца НАТОн кхеташо вовшахтоьхначу Къилбседа Альянсан куьйгалхочо Расмуссен Андерса.

Туркойн а, Шеман а дозанехь долчу хьоле леррина хьожуш хир бу барт, эшахь – хьашт долу гIулчаш а йохуш ю элира Рассмуссена.
Оццу хенахь цо билгалдаьккхира, НАТОн 5-чу бартаца а догIуш, НАТОн цхьана декъашхочунна динарг, берриг бартана динарг санна лору хаттар дийцаре ца дина цу кхетахонехь.

Шен агIора, Туркойчоьнан премьер-министро ЭрдогIан Реджепа аьлла, Шемано динарг жоп доцуш дуьсур дац. Муьлхха а доза дохош, Шеман ницкъаша яьккхинчу гIулчана дуьхьал Туркойчоьно герз тухур ду.
Шайн мехкан хIаваан доза хадорна чудаийтинера шаьш туркойн кема, бохуш чIагIдо Шемано. Амма, Хьонкаро бахарехь, варе ца деш, дуьненаюкъарчу хIаваан дозанехь чудаийтина ду церан кема.
XS
SM
MD
LG