ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь тIелатарш а, лелхийтарш а ду


Кхаарин буса тIелатар а дина чевнаш йина хилла Гурик эвлан администрацин куьйгалхо велла Дагестанехь. 46 шо долчу Тагиров Тагиран хIусамна чу а лилхина, чунна лен чевнаш йинчеран къайлабовла аьтто баьлла.

Оццу сарахь, Хасун-юртахь ягорган станцехь бевзаш боцчара герзаш тоьхна полицин капитанна. Цуьнан герз а эцна, бевзаш боцу нах къайлабевлла.

Цу дийннахь, дозалардархой а эцна йоьдуш хилла йоккха машен иккхина, Дагестанерчу Хунзах-кIоштахь некъах доьллина хиллачу оьккху молхана тIехь. Дозалардархошна зе-зулам ца хилла.
XS
SM
MD
LG