ТIекхочийла долу линкаш

Ша Боснехь йинчу геноцидах жоп дала деза Караджич Радованан


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин ХIаагехь туп тоьхначу ТIеман Трибунало геноцид ярна бехке веш волчу боснерчу сербийн лидерна Караджич Радованна тIера шина бехках цхьа бехк дIабаьккхина. Боснехь а, ХIерцеговинехь а 1992-чу шарахь дуьйна 1995-гIа шо кхаччалц хиллачу тIемашкахь боснийн къомана тIехь бинчу къизчу ницкъах хьакхалуш ду иза.

Караджичана дуьхьала хIинца итт бехке баьккхина. Царна юкъахь цхьаъ геноцидца боьзна бу. 1995-чу шарахь Сребреницехь 8 эзар бьусулба стаг а, кIант а вуьйш, цо лаьцначу декъаца доьзна ду.
XS
SM
MD
LG