ТIекхочийла долу линкаш

Халонаш хьоьгучу Европан Бертан банкашна гIо дан сацам тIеэцна Брюсселерчу саммитехь


Брюсселехь дIаяьхьначу саммитехь Европан Бертан лидершна эххаре а компромисс карийна, Европан зонера халонаш ловш йолчу банкашна ахча даларца доьзначу хаттарехь. Цуьнца а догIуш, Европан юкъарчу стабилизацин фондера билгалдохур ду, гIоьнан ахчанаш.

Саммитехь бинчу бертан коьрта дакъа лору, юха и декхаран ахчанаш пачхьалкхан декхарна тIе тухург ца хилар. Цул сов, европан зонерчу банкашна тIехьожуш леррина урхалла хир ю. Европан Бертан лидершна юкъара дагадовларш буьйса юкъал тIехъяьлча а дахделлера.

Iуьйранна журналисташка вистхьулуш, Италин премьер-министро Монти Мариос элира, «дагадовларийн кеп атта яцара, амма жамI дика ду».
XS
SM
MD
LG