ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имам вийна Дагестанехь


Яханчу буса Дагестанехь вийна имам Гамзатов Мохьмадкамиль. Дийцарехь, ницкъ баран массо кеп емалъеш а, тIемалоша лелорг тIе ца дуьтуш а хилла иза.

Дагестанан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министралло бечу хаамца, буьйсанна юккъехь, яххьаш туьтмIаьжгашца къайлаяьхна хилла нах, Буйнакск кIоштан Карамахирчу маьждигна чу лилхина хилла. Цара герз тоьхна вийна ша имам а, ламазанна маьждиге вахана хилла кхин цхьа стаг а.
Цул тIаьхьа, маьждигана уллехь дIахIоттийна хиллачу нехан машена а лилхина, къайлабевлла.

Оцу хьокъехь бехк-такхаман гIуллакх ду долийна.
XS
SM
MD
LG