ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцаре воьдуш хилла Калоев Виталий лаьцна Мюнхенерчу аэропортехь


Оьрсийчоь -- Калоев Виталий, шен доьзалан коша уллехь, 16Деч2008
Оьрсийчоь -- Калоев Виталий, шен доьзалан коша уллехь, 16Деч2008

кеманийн диспетчер вийначул тIаьхьа. Ши шо хьалха Боден-Iоманна тIехула чекхдолуш хилла долу ши кема вовшах а кхетта, баьллачу бохамехь Калоевн хIусамнаний, ши бер кхелхинера. ХIинца кеманийн бохам хиллачул тIаьхьа 10 шо далар билгалдакха ваха араваьлла волу бекхамхо Германехь лаьцна.

2002 шарахь Швейцариний, Германиний юккъехь Iуьллучу Боден-Iомана тIехула долуш хилла ши кема стиглахь вовшакхетаро Iадийнера доллу дуьне а. Цу бохамехь кхузткъе цхьайтта стаг кхелхира, шайн юккъехь шовзткъе шийтта бер а долуш. ХIирийчун Калоев Виталийн хIусамнаний, ши берий а дара байъинчарна ююкъехь, „Башкирийн авиалинешна“ юккъе догIучу кеманца Испане садоIа даха арадаьлла долу.

Бохамна бехке талламхоша Швейцарера диспетчерийн сервис лерира. Амма Iедалхоша цу сервисан белхахошна тоьхна долу гIуда тоаълла ца хеттачу Калоев Виталийс ша шен куьйга бехкечунна бекхам бан сацам бинера. Ши эзар деалгIачу шарахь цуо шен доьзал кхалхарна куьгбехке шена хетта волу диспетчер Нильсен Петер вийра. Швейцарерачу кхело и бахьана долуш лаца а лаьцна, 8 шо хан тоьхна, набахте хьажийра Калоев. Амма ши эзар ворхIалгIачу шарахь, набахтехь дика леларна, хенал хьалха аравалийтира иза. Оьрсийчу юхавирзина волу Калоев Москохахь а, шен цIахь ХIирийчохь а, турпалхо -бекхамхо санна тIеийцира.

Хаддаза кавказхойн къизалла а, церан акхалла а йийцаре еш самукъадолуш болчу оьрсийн хаамийн гIирсашкахь Калоев вуьйцучохь цунах лаьцна дикадерг а, дезадерг а бен ца яздора, ткъа цуо маьрша стаг вер – иза цхьа сийлахьа турпалалла йолуш санна дуьйцура. Калоев цIавогIуш волчу кеманна дуьхьал арабевллачу наха дийна тойнаш хIиттийра цуьнан сийна, ткъа ХIирийчу иза юхавирзина дукхахан ялале цунна гIишлош яран министраллин гIовсан дарж делира.

Боден-Iоман тIехь бохам баьлла итт шо кхочучу муьрехь юха а карлабелира цу дийнан Iовжам а, цуьнца цхьана Калоевс динахилларг а. Юха а оьрсийн хаамийн гIирсаша турпалхо санна вазван волийра бекхамча. Ткъа Калоевс ша динчунна ша дохковаьлла вац элира шен рогIерачу интервьюхь. „Суна хетарехь, муьлхачу а стеган бакъо ю ишттачу хьолехь ша шен куьйга нийсо цIаерзаян“, - элира цуо.

Ша кху деношкахь юха а Швейцаре а, Германе а ваха дагахь ву бохуш дийцира Калоевс кхин дIа а, цигахь бохам хилла итт шо кхачар дагалацарехь дакъалаца.

Цундела шота дийнахь немцойн Мюнхенерачу аэропортехь Калоев полицино дIалаьцна аьлла болу хаам, стиглахь ткъес санна, бийкира. Ша лаьцначуо шега Боден-Iоман уллорчу немцойн Юберлинген гIалин дайша кхайкхина аьлла дIахьедар динехь а, амма иза лаьцначу полицхоша Калоевна елла йолу шенген-виза гIалатца елла ю бохуш чIагIдо. Цара дийцарехь, хIирий шайн махка варна шаьш дуьхьал хилар Швейцарин Iедалийн векалш дIахьедина. Цул совнаха, Москохарчу Iедалша бекхамхо Германи вогIуш хиларх лаьцна, бан ма-беззара, хаам ца бина немцойн агIоне.

Карарчу хенахь Калоев Мюнхенерчу цхьана полицин декъехь ву. Ткъа цу гIаларчу оьрсийн векалтин куьйгалхо Грозов Андрей цунна гоунахь кхолладелла долу хьал дIадерзон гIерташ ву. Иштта лаьцначунна орцах ваьлла ву ХIирийчоьнан куьйгалхо волу Мамсуров Теймураз а. Цуо дийцарехь, Калоев кесталгIа дIахеца там бу, дIахецна а ца Iаш, цунна бакъо яла сахьт ду немцойн Iедалша, шеца цхьана оьрсийн консул а волуш, шен доьзал кхелхинчу меттехь дIахьон долчу дагалецаршкахь дакъалаца. Цул тIаьхьа иза сихонца Оьрсийчу юхаверзийта декхар ду, Мамсуровн дешнашца.

Бакъду, цкъачунна лаьцначунна тIе векалтин белхахой кхаьчна бац. Шеконе ду иштта, Калоев, оьрсийн агIоно ма-дийцара,сиха дIахоьцур ву бохург а. ХIунда аьлча, цуо кху деношкахь мукIарло дина ма-хиллара, Швейцарера цуьнга кехат даийтинера, набахтехь ша лелорна пачхьалкхана хьалха шен IаьIна долу декхар сихонца дIатакха аьлла. И декхар цхьа бIе ах бIе эзар Швейцарин франк, я соьмашка даьккхича, 5 миллион сов сом ду. Ша и ахча такха дагахь вац элира бекхамхочуо, шегахь иза хилча а, ша лур а дацара, аьлла. Хила там бу, Калоевна Швейцарин Iедалша, немцойн полицехула, и декхар такха ца тикар а бехке дуьллуш хила.

Мухха делахь, Оьрсийчохь турпалхо санна вазвеш волу, ткъа Швейцарехь а, йоллучу Европехь а маьрша стаг вийна зуламхо лоруш волу Калоев карарчу хенахь немцойн полицин карахь ву. Шеко яц, иза маьрша ваьлла, цIехьа вирзича, цуьнан турпалхочун васт юха а керлачу сийлаллийца къегар хиларх.

Бакъду, хIетахь, цуо бекхамна Швейцарера диспетчер вийча ма-кхолладаллар, тахана а лаьтта хIаваэхь жоп доцу хаттар: и хIума бIешерашкахь дуьйна Оьрсийчоьнна муьтIахь болчу „дикачу“ кавказхойх волчу хIирийчо а ца деш, нохчийчуо дина хиллехь, муха мах хадийна хир бара теша Оьрсийчоьнан юкъаралло а, Iедалша а цу кепарчу бекхаман?

ТIаьххьарчу хаамашца, Калоев чувитина Германина. И аьлла шен твиттер тIехь хаам бина ХIирийчоьнан куьйгалхочо Мамсуров Таймураза.
XS
SM
MD
LG