ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мюнхенерчу аэропортехь лаьцна Швейцарера диспетчер вийна хилла волу Калоев Виталий


Германехь, Мюнхенерчу аэропортехь лаьцна ХIирийчоьнан вахархо Калоев Виталий. 10 шо хьалха Боденерчу Iоман тIехула доьдуш хилла Башкирин авиакомпанин кема а, кира дIасалелош хилла DHL компанин кема а Швейцарерчу диспетчеран гIалатна вовшах а кхетта, хиллачу бохамехь зудий, кIант, йоIIий делла волу Калоев, хIетахь белла нах дагалецаран церемоне воьдуш вара.

Швейцаре а вахана, шен куьйга цу бохамна бехке волу диспетчер вийначу Калоевс 5 шо даьккхира Швейцарерчу набахтехь. Оьрсийчохь турпалхо лоручу хIирийга ша Швейцарерчу набахтехь кхабарна 150 эзар швейцарин франкашкахь ахча охьадиллар тIедиллина цигарчу Iедалша. Иза ца дала дуьхьала валарна я кхечу бахьанашца сацийна хила там бу Калоев.

ТIаьххьарчу хаамашца, Калоев чувитина Германина. И аьлла шен твиттер тIехь хаам бина цхьа 15 минот хьалха ХIирийчоьнан куьйгалхочо Мамсуров Таймураза.
XS
SM
MD
LG