ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бизнесхо вийна Москох



Ша вехачу цΙа чуьра араволуш тапча йиттина 30 шо долчу нохчийн бизнесхочунна Дангаев Ιабдуллина Москох. Склифосовскин дарбан цΙийнахь дΙаваьлла иза. Зулам динарг вевзаш вац цкъачунна.

Хьостанаша хаам барехь, хасстоьмаш, стоьмаш бохкарца йоьзна хилла Дангаевн бизнес. Талламчаша чΙагΙдарехь, цул хьалхо Москох вийначу бизнсхочунна Олихвер Георгийна а,цунна диттина герз цхьаъ хила тарло. Оцу бахьанийца ши гΙуллакх цхьаьнадоза там бу полицино.

XS
SM
MD
LG