ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсех ца теша шемахой



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министралло дΙахьедина, ша деношкахь дийцарш дΙадахьа лерина ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъаралло а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а къобалбен Шемарчу Ιедалний, оппозициний юкъахь машар баран некъ бийцаре бан цигахь дуьхь-духьал лаьттачу агΙонашца, аьлла. Оцу новкъо хьоьху Асад Башарна а, цунна дуьхьал лаьттачу оппозицина а махкахь керла юкъара Ιедал вовшахтохар.

Асадца цхьана гонехь къамел дан ша резайоцийла хаийтина хьалхо оппозицино. Ткъа хΙинца оьрсаша динчу дΙахьедарна шайн резадацар гойтуш оршот дийнахь КъахΙирехь гулвелира 250 стаг. Москохахь хила тарло цхьаьнакхетар Оьрсийчоьнанний, ГΙажарийчоьнанний политикан Ιалашонаш толорна тΙхьажийна ду, Шемин халкъан бала болуш хьоттош дац, бохура гуламхоша.
XS
SM
MD
LG