ТIекхочийла долу линкаш

ТΙеман Ιамораш дΙадолийна ГΙажарийчоьно



ГΙажарийчоьно тΙеман Ιамораш дΙадолийна шен гΙамаршкахь. Цигахь зуьйш хир ю юккъерчу барамера, Жуьгтийн махка а, Европан къилбехьарчу дозанашка а кхачалуш йолу ракеташ. Эскаран инарлаша дΙахьедо, шаьш оцу Ιаморашкахь гойтур ду гΙажаройн герзаш мостагΙчух мохк Ιалашбал ницкъала дуйла, бохуш. ТΙеман барам болийна Европано ГΙажарийчоьнна мехкдаьттан эмбарго кхайкхийначу деношкахь, бохуш билгалдоху дуьнентΙерачу хаамийн гΙирсаша. Оцу юкъанна, жамΙашка кхачанза ду Гажарийчоьне заррат герз ца кхоллийтархьама и герз долчу пачхьалкхаша дан долийна дийцарш.
XS
SM
MD
LG