ТIекхочийла долу линкаш

ТΙематасаларехь цхьаъ вийна, шолгΙаниг - ведда



Шинарий Ιуьйранна тΙематасадалар хилла Нальчикерчу автовокзална уллехь шина герзахочунний, буса хадеш хиллачу полицин декъаний юкъахь. Полицин пресс-центро хаам барехь, кехаташ талла сацийна ши стаг къайлавала гΙоьртича герз юкъадаьккхина Ιедалан белхахоша. Веддачу цхьамма тапча кхийса йолийча, иза вийна полисхоша. Цул тΙаьхьа цуьнан карахь иккхина граната. ШолгΙачун вада аьтто баьлла. Вийнарг, полицино чΙагΙдарехь, меттигерчу гΙаттамхойн лидерех ву.
XS
SM
MD
LG