ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема машар кхачон гΙерта дуьне



КъахΙирехь дийцарш дΙадаьхьина Шемин оппозициной Ιаьрбийн пачхьалкханийн Лиганой махкара хьал тоден некъ лохуш. Адамийн бакъонашларъярхоша оцу цхьанакхетарна лерина довзийтина шарахь сов Ιедаланний оппозицийнний ницкъаш дуьхь-духьал лаьтташ хиллачу зенан жамΙаш. Зенаш дина Асад Башаран го дуьнанюкъарчу кхеле ийзон беза, тешна бу бакъоларъярхой.

Оцу юкъанна Нью-Йоркера, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн юкъарлонан Лакхарчу комиссара Пиллей Навис дΙакхайкхийна, Шема кхечу пачхьалкхаша герзаш хьежор харцо ю, аьлла. Ассад Башаран шинарий дийнахь тидамехь дара, иттех де хьалха шен эскарша чудаийтина луларчу туркойн хΙаваакема. Хилларг шена новкъа деънийла хаийтина цо.
XS
SM
MD
LG