ТIекхочийла долу линкаш

«Сийлахь-Веза ПайхΙамар» - тΙеман Ιамораш



ГΙажарийчоьнан хаамийн гΙирсаша довзийтина махкахь дΙахьочу тΙеман Ιаморашкара хьал. Юккъерчу барамехь 2000 чаккхарма дΙайоьдийла долу Шахьаб-3 ракета зийна эскарша. «Сийлахь-Веза ПайхΙамар» цΙе тиллина тΙеман Ιамораш дΙадолийна оршотдийнахь, Европано ГΙажарийчуьра мехкдаьтта эцар дихкинчу шолгΙачу дийнахь. Церан Ιалашо ю, ТехΙерано бахарехь, вала тарлучу мостагΙчуьнца пачхьалкх ларалур юйла гайтар.

Ткъа зарратан герз ГΙажарийчоьне ца кхоллийта Ιалашо йолчу пачхьалкхийн векалш а бара кхаарий дийнахь ТехΙеранан векалшца Туркойчохь шайн дийцарийн рогΙера мур дΙахьош.
XS
SM
MD
LG