ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанехь вийна 10 гΙаттамхо



Шинарий-кхаарий деношкахь 10 гΙаттамхо хΙаллавина Дагестанехь, цигарчу полицера болчу хаамца. Каспийскехь, цΙенна тΙе деза герзаш а детташ, вийна виъ.

Ишколаш чекхъяхарцана 40 кегийрхо тΙемалой болчу хьанашка дΙабахарх лаьцна кху деношкахь наха айдина дуьйцучу Хасу-Юьртахь дΙаяьхьначу операцехь вийна полицино ши вахархо. Шинарий дийнахь ГΙизларан кΙоштарчу Жданово-юьртахь хиллачу тΙематасадаларехь велла виъ гΙаттамхо. Царех шиннан цΙе а яьккхина Ιедалхоша – уьш бу ЦΙунтан кΙоштара Багаев Бауди а, Магомедов Мохьмад а.
XS
SM
MD
LG