ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн матто девне яьккхина Украина



Политикан кризис иккхина Украинехь цигарчу парламенто шинарий дийнахь оьрсийн мотт пачхьалкхехь официалан меттанех хилар тΙечΙагΙдар бахьана долуш. Кхаарий дийнахь парламентан цΙенна хьалха хΙоьттинчу оппозицин гуламе веъна 2000 стаг дΙасалаьхкина полицино. Парламентан доккхахчу декъо оьрсийн маттах долу низам тΙеэцарца доьзна шегара дарж охьадиллина спикера Литвин Владимира. Иштта, дарж охьадуьллу ша, аьлла, хаам бина вице-спикера Томенко Николайс а. Оьрсийн маттана Украинерчу маситта кIоштахь лакхара статус луш долу и низам лелаш хила тарло президента Янукович Виктора къобалдинчул тΙаьхьа.
XS
SM
MD
LG