ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-на кевнаш диллина Пакистано



ВорхΙ баттахь къевлина латтийна шайн махкара ОфхΙанистане боьлху машенан некъаш НАТО-н эскаршна схьабиллина Пакистано. И сацам бина цо Цхьаьнатоьхначу Штатийн ЦΙарх цуьнан пачхьалкхан секретара Клинтон Хилларис шега къинтΙера ялар дехначул тΙаьхьа.

ЭгΙаран бахьана дара Ιаьмеркан кеманаша, ларамза ракеташ тоьхна, Пакистанан 24 дозалардархо вер. Кестта Вашингтоно ша хьалха цΙе тоьхна хилла 1 миллиард доллар дала там бу Исламабадна махкарчу тΙалибашна дуьхьал тΙемаш латтон. ХΙинца схьабиллина и некъаш вуно оьшуш бара Штаташна, ОвхΙанистанехь лаьттачу эскаршна кхачоян.
XS
SM
MD
LG