ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн матто меттахъяьккхина Украина



Киевехь Украинера оппозицин дакъош цхьаьнакхетта оьрсийн меттан статус пачхьалкхехь лакхаяккха гΙертачу Ιедалшна дуьхьал. Шинарий дийнахь маттах долу низам дийцаре деш вовшах а тΙехь лийтира парламентан декъашхой, амма, кхаьжнаш а тоьана, тΙеийцира къовсаме даьлла документ. И бахьана долуш, шайгара даржаш дита сацам бира спикеро а, цуьнан гΙовса а.

Оьрсий Украинехь дуккха а белахь, церан мотт шайнчуьнца бакъонашкахь цхьаьнанисбахь, президента и низам къобалдахь, пачхьалкх шен маршонах ер ю, аьлла хета дуккхаъчу украинахошна. Праламентехь хΙинца иккхина кризис сихха дΙа ца ерзахь, иза дΙаса а лаьллина, керлачунна харжамаш кхайкхо дезар ду шена, элира кхаарий дийнахь президента Янукович Виктора.
XS
SM
MD
LG