ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Компенсацеш дала далор ду Нохчийчохь



Нохчийчохь тΙемаша хΙусамаш йохийначу нахана компенсацеш а елла, оцу проблемаца доьзнарг чекхдаккха лерина Ιедалша. Москохара схьакача дезаш ду 3 миллиард сов сом, аьлла хаам бина Нохчийчоьнан экономикан а, финансийн а министралло. ВорхΙ шо хьалха долийра нахана дохийначу цΙенойн метта ахчанаш дала.

ХΙетахь цхьана декъо схьаийцира шена кхачош долу 350 эзар соьмаш. Амма шуьйрра лелара и ахча, кΙелдΙашхула, нийсса ах, Ιедалшний, дала кхачийначарний юкъахь декъар. Цу кепана реза боцурш дуккха а бисира кампанина юьстаха. Уьш лаххара а 10 эзарне кхочу. Лундолчу ахчанах цхьана чоь а яц эцалуш. Цуьнан гΙайгΙа бар тΙамо эшийначу нахана шайнна дуьсуш ду.
XS
SM
MD
LG