ТIекхочийла долу линкаш

Парижехь дуьйцуш дара Асадан гΙуллакхаш



Парижехь йирзина «Шемин ДоттагΙий» цΙе тиллина дуккхаъчу пачхьалкхийн векалша дакъалаьцна конференци. Цигахь политикаша а, мехкийн куьйгаллера болчу а декъашхоша сацам бина, президента Асад Башара шегара дарж дита деза, аьлла.

Францин арахьарчу гΙуллакхийн министра дΙахьедира журналисташка, 100 сов пачхьалкхан векалша къобал бира и сацам, аьлла. Оцу сацамна тΙетевжира конференце баьхкина Шемара оппозицин векалш а, Асадна хьалхе дΙа мел вахи а, тоьлуш ду, бохура цара а.

Дамаьшкана дуьхьал яьхна санкцеш кхин а шагъяре кхайкхира барамехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Францин а, Ингалсан а, кхечу мехкийн а векалша.

Шен кема чудожийначу Шемица юкъаметтигаш ийгΙинчу Туркойчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра Давутоглу Ахьмада, шаьш хΙинцале а ду шайн агΙор Асадан режиман кара арахьара герзаш ца кхочу барамаш дΙахьош, бохура.

Оьрсийчоьй, Китаййий, хьалха а санна, дуьхьал ю Шемара Ιедал ницкъаша дохадайта. Москох а, Пекин а охьабилла безаш юьсу Асада дечу зенийн мах, элира конференцехь Ιаьмеркан пачхьалкхан секретара.
XS
SM
MD
LG