ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши кеманхочун тезет дирзийна туркоша



Туркойн махко дΙавоьллира пΙераскан дийнахь Шемин эскарша эккхийтинчу шайн тΙеман кема лелош хилла ши хΙаваъхо. Малатья-гΙаларчу авиабазехь хΙоттийначу тезетахь хилира Туркойн премьер-министр Эрдоган Реджеп а.

Кеманхойн декъеш хΙорда чуьра хьаладаьхнера еарий дийнахь. Шемин президента Асад Башара хьалхо дΙахаийтира, шаьш бехк шайна тΙеоьцийла. Кема чудоьжчий бен хиина а дац шайна иза туркойн хиллийла, элира Асада. Амма Туркойн махко тΙе ца эцна Асадан бехказавалар – Шемин дозане оьзна лаьтта алссам туркойн эскарш.
XS
SM
MD
LG