ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Арахьарчу мехкийн агенташ» дуккха а бу хΙинца Оьрсийчохь



Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думано тΙеэцна кхечу мехкаша гΙодеш йолу юкъарлонаш «арахьарчу пачхьалкхийн агенташ» лору низам.

«Цхьаалин Оьрсийчоь» партино кхоже диллина низам къобалдина 323 депутато. 4 дуьхьал хилла, цхьаммо дакъа ца лаьцна кхаж тосуш.

Низамна резабоцчийн гулам хΙоьттира Думин цΙенна гена доццуш. Низамо декхаре йо арахьара ахчанах еха юкъарлонаш юстицин министралле шайн бакъонаш юхаталлийта. Иштта луьра зуьйш хир ду юкъарлонийн бахам схьабалар а. Ша талхийначарна даккхий гΙуданаш деттар а, набахте хьажор а кхачадо низамо.

И низам тΙеэцар пачхьалкхехь Путин Владимирна дуьхьал болу нах алсам бовларца доьзна ду, аьлла хета, оппозицина. Уггаре хьалха дΙакъовлалур ю низам бахьанехь Оьрсийчохь адамийн бакъонийн терго ен хьукматаш, дешарца а, Ιилманца а гранташ оьцу меттигаш, боху низамна дуьхьалболучара.
XS
SM
MD
LG