ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказерчу тΙематасадаларшкахь



Ιедалний, гΙаттамхошний юкъарчу тΙематасадаларшкахь лаххара а 52 стаг велла, 42-нна чов хилла Къилбаседа Кавказехь. Официалан хьостанаша кхайкхийна хиллачу хаамийн терахьаш ду иштта. Уггаре дукха бу белларш, лазийнарш Дагестанехь – 28 кхелхина, 10 – лазийна. ГΙебартойх, балкхаройх велла 12, лазийна 11. ГΙалгΙайчохь 6 вийна, 17 – лазийна. Нохчийчохь велла 4 стаг, чов хилла веанна. Кхарачойх, чергазех 2 вийна. Иштта дараш ду дуьхь-духьал лаьттачу Ιедалерчу наханий, цаьрца къийсалучу гΙаттамхошний юкъахь.
XS
SM
MD
LG