ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн цΙерапошта чохь бомба ца карийна



Шоьтан буса Соьлж-ГΙалара Ростов йоьду цΙерпошт сацийна латтийна новкъахь, оцу чохь цхьана цуьнан белхахочо шеца хьош оьккху коьчал ю, аьлла, цхьамма Ιедалшка телефон тохар бахьана долуш. И хаам кхаьчча хилла Прохладный-ГΙаларчу транспортан полице. Талламаш дΙахьош, цΙерпошта чуьра нах охьабаьхна кхаьбна. Алссам хан яьлча, бомба кара а ца йина, некъ баьстина цΙерпоштанна.

XS
SM
MD
LG