ТIекхочийла долу линкаш

Хиша байъинчийн терахь десташ ду



Краснодар-махкахь чу хиш хьевддачу хΙусамашкахь белла схьакарочийн терахь десташ ду сахьт сохьте мел долу. Геленджикехь а, Новороссийскехь а велларг 11 хилар билгалдаьллехь, хΙинца а дуьззина хууш дац масса стаг ву Крымовскехь кхелхинарг. ТΙаьххьарчу хаамашца, схьакарийна 2 бΙе гергга дакъа.

Юхьанца Ιедалша бакъ ца дора Крымск-кIоштахь, шоьтан дийнахь догΙанаш чΙагΙделча, Неберджаевск-юьртарчу хи ΙаΙочу станцино, ша Ιалашъеш, хи Крымск-юьртана гухецча, цигахь Ιоврийн лакхалла 7 метре кхаьчнера, бохуш, бахархоша дуьйцург. Амма и верси, хила тарлуш йо талламан комитето – иза , бехктакхаман гΙуллакх а гΙаттийна, зуьйш бакъдерг.

Хиш хьаьддачу меттигашка пачхьалкхан маьΙ-маьΙера гΙон ницкъаш бу тΙеоьзна. Президента Путин Владимира тезет де кхайкхийна Товбецан 9-гΙа де.
XS
SM
MD
LG