ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

16 миллиард $ гΙо латтор ду ОвхΙанистанна



Токиохь конференце гулбеллачу ОвхΙанистанна гΙо дечу пачхьалкхийн векалша 2015-гΙа шо тΙекхачале 16 миллиард долларна кхача а, духар а, гΙирс а хилийта дош делла оцу махканна. И гΙо латтор ду пачхьалкхаша 2017 шо тΙехΙотталц. КΙирандийнахь 70 мехкан векалш бара и гΙуллакх дийцаре деш.

Карарчу заманахь 6 миллиард долларна ду арахьара ОвхΙанистанна кхочу гΙо. Шен агΙор президента Карзай Хьамида тешийра бараман декъашхой, шен пачхьалкхо, чуьра коррупци а эшийна, дΙахьор ю экономикан реформаш, аьлла.
XS
SM
MD
LG