ТIекхочийла долу линкаш

Гергайоьлхуш ю Исламабаддий, Вашингтонний



Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Клинтон Хилларис, ша Токиорчу конференцехь дакъалоцуш дΙахьедира, Пакистанний, Ιаьмерканий юкъабоьллачу цакхетамаша новкъарло йора гергарлонна, амма хΙинца дерриг а дика хила деза, аьлла. И цо дΙахьедира ша Пакистанан арахьарчу гΙуллакхийн министрца ХΙар ХΙина Раббаница къамел деш.

Клинтона шина пачхьалкхан юкъаметтигаш а хьайира. Ах шо хьалха шен пачхьалкхо ларамза 24 пакистанхо вийча шелделла гергарло тодина Клинтона дахначу кΙиранах, Исламабад къинтΙера а яьккхина. Пакистано деношкахь схьабиллина шайн ОвхΙанистанерчу эскаршка Ιаьмеркан-Европан коалицино кир кхачабе некъаш.
XS
SM
MD
LG