ТIекхочийла долу линкаш

Младич Раткон кхел карлаяьккхина ХIаагехь


Нейдерландерчу ХIаагехь, Хьалха хиллачу Югославехула кхоьллинчу Дуьненаюкъарчу Кхелехь караладаьккхина Боснерчу сербийн эскаран лидер хиллачу Младич Раткон гIуллакхе ладогIар. Оршот дийнахь хиллачу кхеташонехь ладугIуш бара хьалхарчу тешо дечу къамеле.

Младич бехке веш ву, 1995-чу шарахь цо Сребреницехь 8, 000 бусулба стаг а, кIант а вуьйш, йинчу геноцидана урхалла дарна. Иза иштта бехке веш ву, цо 44 баттахь Боснин коьрта Сараево-гIала гонехь а латтийна, эзарнаш нах байарна. 70 шо кхаьчначу Младича керста бо шега кхийдош болу бехкаш. Нагахь санна иза цу зуламашна куьг бехке каравахь, велла дIаваллалц набахтехь вуьтур ву.
16 шарахь лечкъаш леллачул тIаьхьа, даханчу шарахь Сербехь карийра Младич Ратко.
XS
SM
MD
LG