ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Iедалш къера ду, хиш тIедевллачу Крымскехь шаьш нийса лелла ца хиларна


Оьрсийчоьнан Iедалш къера хилла, хиш тIедевллачу Крымскехь шайгара гIалат даьлла хиларна. Iаьржачу хIурдана гена йоццуш йолчу Краснодар-кIоштара Крымскехь дистинчу хех велла 170 стаг.

Орцаллин министро Пушков Владимира бахарехь, министралло варе деш бина кхайкхам тIе ца кхаьчна, хиш дистинчехь бехачу массо а нахана. Краснодар-кIоштан губернаторо тахана шайн даржех вохийна Крымск гIалин мэр а, Крымск-кIоштан куьйгалхо а.

Оршот де – тезетан де дара Оьрсийчохь. Хаддаза оьхучу догIанаша а, Шоьтан дийнахь дистинчу хиш а 5, 000 хIусам хIаллакьйина. Дукха хьолахь Крымскерчу хIусамашна хилла ду и зе. Эзарнаш нах кIелбаха тхов боцуш бисина. 1, 500 орцаллин министраллин белхахо ву гIо даран операцехь дакъа лоцуш.
XS
SM
MD
LG