ТIекхочийла долу линкаш

Талибан дагадовларш дан лууш ю Кабулерчу Iедалшца


Кабулерчу Iедалшца дагадовларш дан шайн лаам бовзуьйтуш, дуьххьара дIахьедар дина ОвхIанерчу тIалибаша. ХIинцале царца юкъаметтиг лаха гIулчаш а яьхна цара. И аьлла Токиохь дIахьедар дина овхIанхойн президенто Карзай Хьамида.

Цо бахарехь, ши кIира хьалха тIалибийн векалш Киото гIалахь цхьанакхеттера ОвхIанхойн Машаран Кхеташонан декъашхошца. Оппозицехь лаьттачу цхьацца тобанашца юкъаметтигаш тоян кхоьллина кхеташо ю иза.

Оцу цхьанакхетарехь, Карзайс чIагIдарехь, тIалибашна юкъахь лакхара стаг лоручу цхьаммо дIахьедар дина, «машарца дов дерзорехь» Iедалца дагадовларш дан лууш ду шаьш, аьлла.

Талибанан векало МуджахIид Забиуллас бакъдина, Киотохь цхьанакхетар хилла хилар. Амма, "цхьа а жамI ца дина, иза чекхдаьллачул тIаьхьа. Iедалшца цхьанакхетарш дан а дош ца деллера", элира тIалибийн векало.
XS
SM
MD
LG