ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн мотт компьютерна тIе баккха гIерта Урдунера нохчий


Урдун - Нохчийн-lаьрбийн дошаман коьрта мужулт, 9Тов2012

Урдун - Нохчийн-lаьрбийн дошаман коьрта мужулт, 9Тов2012

Нохчийн маттана сагатдеш дукха нохчий бу, амма хIун дан деза и мотт денбан хууш кIезиг ву. Вайн мотт денбан онда гIуллакх долийна Урдунерчу цхьана нохчийн тобано.

Маситта шарахь болх беш нохчийн маттахь ара мел хецна дошам чулоцуш, нохчийн-Iаьрбийн дошам хIоттийнера Урдунера Бети Ахьмада. 2006-чу шарахь дуьххьара арахийцира и дошам. 2009-чу шарахь шозлагIа ара хийцира цо иза.

ЧIогIа мехалла дошам ду бохуш дуьйцу иза кара мел кхаьчначо, амма и нохчийн-Iаьрбийн дошам долу дела а, Iаьрбийн мотт хууш кIезиг нохчий болу дела а, вайн маттана оьшу тоъал кхачам ца ло цу дошамо. Иза иштта долу дела, вайн мотт денбарехь, кхин а йоккха гIулч тосуш болх болийна Бетис.

Маршо Радио: Ахьмад, нохчийн дошам хIоттийна ахьа хьалхa, цул тIаьхьа стенга кхаьчна хьан нохчийн мотт денбарехь долу гIуллакхаш?

Бети: Хьуна ма-хаъара, и дошам долош, шинан меттан дошам дара и, нохчий а, Iаьрбий а. Иза чекх даьккхича дагадеара суна оьрсийн мотт тIе тоьхча онда гIуллакх хира дара и дошам аьлла, оьрсийн мотт тIе тоха волавелира со. Дикка хан ю со и болх бан волавелла. ХIора дийнахь цу тIехь къахьоьгуш ву со. ХIинца цхьа 90 процент тIетоьхна ваьлла со. Диснарг дукха дац.

Суна оьрсийн мотт дика ца хуун дела, оьрсийн мотт хуучарех дага а волуш иштта деш ду ас и бакъдерг аьлча. ЧIогIа догдохуш ву со хаза хетарца тIе эцар а, цунах пайда эцар.

Маршо Радио: Нохчийн агIо тоеш, хьуна гIо деш дегIестнахь нах бара боху ахь?

Бети: Царех уггар суна гIо динарг Джамалханов вара. Цо чIогIа гIо дира суна. Цу хенахь аса цуьнга кехаташ кхоьхьуьйтура сайна ца хаьа дешнаш цуьнга билгала дохуьйтуш. Джамалхановера хилира суна уггар чIогIа гIо. Суна хетарехь, цу дошамах ДегIастнахь уггар дукха пайда оьцур бу.

ДегIастнахь оьрсийн мотт вуно дика хууш бу. Наггахь нохчийн маттахь яздина дешан духьал Iаьрбийн дош хуьлу, ткъа иза я шира дош хуьлу я массарна хууш ца хуьлу. Iаьрбийн маттахь цуьнан маьIна хилча, Iаьрбийн мотт хууш воцчуьнан пайденна хира дац и дош. Бакъдерг аьлча, оьрсийн мотт дуьненан юкъар мотт бу, массарна хууш бу и, нохчийн маттахь маьIна доккхуш, оьрсийн маттахь хилча кхин пайденна хира ду аьлла дагахь, иштта хилира оьрсийн мотт тIетохар. Нохчочуьн декхар ду шайн мотт Iалаш бар а, бийца гIертар а.

Маршо Радио: Бетис ца аьллехь а, цу балхана дикка харж оьшур ю. 2011-чу шарахь, нохчийн Iедалан куьйгалхо, Кадыров Рамзан Урдуне веъча, Бетис дошаман цхьа копи совгIатана елира Кадыровна. Нохчийн Iедало тIе а лаьцна, кхин дIа мотт денбеш дIакхехьарх догдохуш. Бетин дагара данне дацара нохчийн Iедал. Бети дошам мехалла хилар цхьа а шеко йолуш дац, хIетте, дошам хиларх дуьненан
тIехь массо меттахь болу нохчашна кIезиг пайда хуьлу ишттачу дошамах. Иза вайн мотт денбан тоьар доцийла хууш, Бети гIуллакх эрна ца дахийта, Урдунера компьютаран говзанчаш тIекхетта, жимма чехко гIуллакх долийна мотт денбарехь. Цу говзанчашна хьалха ваьлла волу Абдалла Iумар ша цхьаьна тоьхна тобано деш долу гIуллакх иштта дуьйцу.

Маршо Радио: Iумар, Нохчийн маттана тIехь аша болх бен мел хан ю?

Абдалла: Суна хетарехь цхьа 4 шо ду.

Маршо Радио: 4 шарахь, аша хIун гIуллакхаш новкъ даьхна нохчийн маттахь?

Абдалла: Бакъдерг аьлча, Ахьмад Бетис дина кийча дошам дара кехат тIехь. ХIинца тхан кийча хIун ду аьлча, компютар тIехь цхьа программ ю, нохчийн маттахь ахь дош чуделча, Iаьрбийн матте доккхуш электронан дошам ду иза. Нийса-йоза билгала доккхуш, и кхин цхьа программ ю. Нохчийн дош гIалат яздича, нийса дош схьалуш программ ю. тIеххьарадерг, «I» элп юкъахь долуш нохчийн зорба-экъан, киборд, программ ю. И зорба-экъан программ кийча ю хьаммена компьютеран чу хIотталур йолуш.

Маршо Радио: Уьш-м даккхийра гIуллакхаш ду, амма 5-6 шарахь хIунда Iийна шо и гIуллакхаш деш?

Абдалла: Цхьаъ мукъа хилча, хIора денна гIуллакх деш, атта хира дара иза, амма тхо, болх беш дерш, мотт хууш верг 2 ву, компьютар хууш верг 3 ву. Уьш шайн кхин белхаш болуш бу. Массарна атто ца болу денна вовшах кхетта, болх муха бан беза а, хIун дан деза бохуш сиха гIуллакх дан. Цундела, мукъа хилча кхин сиха лелара дара и гIуллакх.

ХIинца, электронан дошам хIоранне компютар тIехь хила деза. И дIаса декъа атта дац, декъчий, нахана хийцамаш беш дохадан йиш хир ю, цундела, цхьа Вибсайт йина вибсайт-хул кхин атта хир ду и даржадар. Вебсайт хилча, цхьа аьтто, нохчийн маттахь яздича, оьрсех а нохчех дешан маьIна а луш хир ю.

Цул сов, хIинццалц граммар нийса еш программ яцара, иза а хир ю Дала мукълахь, хан хилахь. Йоза нийса до программ хира ю вебсайт тIехь.

Маршо Радио: Мел хан хьашт хир ю шуна?

Абдалла: ХIора цхьаъ шайн балхахь волу дела, кIирнахь цкъа бен вовшах кхета меттиг ца йолу тхуна. Мукъа хилча кхин сиха хира ду.

Маршо Радио: Дала аьтто бойла шун.

Абдалла Iумар Швецехь лекхар дешар дешна ваьлла цигахь компютарашца болх бина 3 бутт хьалхa Урдуне юха веана Урдунехьа изза болх беш ву. Абдаллас юьйцу проект, нохчийн мотт денбарехь боккха гIулч бу. Ишттачу проекто, хенан йохалла, тайп-тайпан йолу нохчийн меттан кепаш акценташ а, меттан лардаш, граммар, вовшахтоьхна цхьаъ йийра ю. Абдаллас йийцина Вебсайт а, нохчийн нийса-йоза нийса ю программаш хIиттон говзаллаш йолуш ю цу компьютеран говзанчашкахь, ткъа царна оьшу меттан Iилманчашах цхьаъ Бети ву, Бетина гIо-накъосталла деш нохчийчохь меттан говзанчаш бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG