ТIекхочийла долу линкаш

ДIасахецна хилла Мисаран парламент кхеташоне хиънера шен бакъонаш къовса


Дукха хан йоццуш дIасахецначу Мисарерчу парламенто йоцца кхеташо дIаяьхьира, ша дIасахецар нийса леринчу Конституцин Кхело хьастагIа бинчу сацамна хьокъехь латкъам къобалбеш.

Оршот дийнахь кхело тIечIагIбинера, низамаш кховдоран хIусамехь исламисташа алссам меттигаш а йохуш, чекхбевлла парламентан харжамаш, низамехь ца хиларан хьокъехь ша хьалха бина сацам. Масех минотехь дIаяьхьна кхеташо телевизионехь гайтира.

Цу хьолана тIехьожучеран хьесапехь, Мангал баттахь шена тIе низамашкховдоран бакъо тIелаьцначу Лаккхара ТIеман Кхеташонна дуьхьала яьккхина гIулч ю иза.
Тахана хиллачу кхеташонехь Iедалан урхаллашна юкъахь баланс кхолла еза элира депутаташа.

Парламентан бакъонаш меттахIоттош долчу омарна кIел даханчу кIиран дийнахь куьг таIийна Мисаран керла президенто Мурси Мухьаммеда. Цунна гIортор еш бу Мисарера уггар а боккха «Бусулба вежарийн» болам.
XS
SM
MD
LG