ТIекхочийла долу линкаш

Аннан Кофи: Шемара дов дерзош ГIажарийчоьне пайдехь дакъа лацалур дара


Шемара дов машаран новкъахь дерзош, ГIажарийчоьне пайдехь дакъа лацалур дара аьлла дIахьедар дина, ша ТехIранехь гIажарийн куьйгаллица цхьанакхеттачул тIаьхьа, дуьненаюкъара Шемахула векал волчу Аннан Кофис.

ГIажарийн арахьарчу гIуллакхийн министро Салехьи Iелас шен агIора гIортор йира, Аннана машаран планна. Иза кхочушъярх гIуллакх хуьлуш дац, ткъа Шемахь хIора денна цIий Iенаш ду.
XS
SM
MD
LG