ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадана керла билламаш хIиттийна


Иттех дийнахь герзаш деттар а сацаде, нах бехачу эвланашкара а, гIаланашкара а эскарш ара а даха аьлла, шаьш Шеман президентана Асад Башарна тIедиллина декхар долчу резолюцин проект дIасаяржийна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин кхеташонехь Британино, Францино, Цхьанатоьхначу Штаташ, Германино а.

ТIедиллар кхочуш ца дахь, резолюцин проекто ма-боххура, Шемана дуьхьала экономикан а, дипломатийн а санкцеш йохур йолуш ю Кхерамазаллин кхеташоно.
Шемарчу дуьненаюкъархойн мисси чекхйолучу, хIокху беттан 20-чу дийнахь тIеэцна хила езаш ю резолюци.

Оьрсийчоьно хьастагIа Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоне шен резолюци кховдийнера Шемахула. Шемахь болчу хьажархойн мисси кхин дIа а яхъяр дехнера Москохо, амма цу документо хьаха ца динера, Шеман режимана дуьхьала санкцеш яхар.
XS
SM
MD
LG