ТIекхочийла долу линкаш

Тешаш бистхила буьйлабелча кхелехь вуо хилла Младич Раткона


Инарла хилла Младич Ратко дарбан цIийне виллина аьлла дIахьедар дина, цунна тIехь кхел дIахьучу ХIаагерчу Дуьненара Трибунало. Кхелан 4-чу дийнахь 70 шо долчу Младича шена во хилла аьлла хилла.
ХIокху кIирнах лебан болийна бехк буьллучу агIонан хьалхара тешаш.

Боснерчу сербашна буьйралла дина хилла Младича бехке веш ву, Сребреницехь 8 эзар бусулба борша стаг а, кIант а верна. 16 шарахь Iедалх лечкъаш леллачу Младичана шозза инсульт хилла боху.
XS
SM
MD
LG