ТIекхочийла долу линкаш

«Доцург дийцар» боху низам Бехк-такхаман кодексана юкъадалор къобалдина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан ДУМано


Шен тIаьххьара хиллачу бIаьстенан сессехь «доцург дийцар» боху низам Бехк-такхаман кодексана юха а юкъадалор къобалдеш сацам бина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан ДУМано.
Цу низамехьа кхаж тесна 238 депутато, 91 дуьхьала хилла.

Таханлерчу дешарехь оцу низаман проектана юкъабалийна «доцург дийцарна» таIзар алсамдоккхуш болу хийцамаш. Лакхадаьккхина гIуда, Iедална мехаза белхаш байтаран сахьташ а тIетоьхна - 480 сахьт ду хIинца. ГIудан уггар лакхара барам пхи миллион сом бу.

5 шаре кхаччалц хан тохар дIадаьккхина низаман проектера.
ХIетахь президент хиллачу Медведев Дмитрийн лаамца стохка ГIуран баттахь дIадаьккхинера и низам кодексана юкъара.

Москохарчу ХIелсинки тобан куьйгалхочо Алексеева Людмилас дIахьедар дина, ДУМано тIеэцна и низам журналисташна а, оппозцина а, бакъонашларъярхошна а дуьхьала даьккхина ду, аьлла. «Стоьлан дай махкахойн критиках ларбеш долу ямарт низам» аьлла цо Интерфакс агенталле.
XS
SM
MD
LG