ТIекхочийла долу линкаш

Шеман Iедалан ницкъаша тIе деза герзаш диттича Треймси эвлахь велла 200 стаг


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонехь керла дискусси йолаелла, Шемехула кховдийначу керлачу резолюцехула. Шеман президентан Асад Башаран режимана дуьхьала санкцеш яха магочу малхбузерчу пачхьалкхийн резолюцина гIортор йийр яц аьлла ша Оьрсийчоьно.

Оццу хенахь, оппозицин векалша дийцарехь Шемарчу ХIама провинцехь, Iедалан ницкъаша тIе герзаш диттича, Треймси эвлахь велла 200 стаг. Дуьненаюкъара Шемахула векалволчу Анна Кофис ша Iадийна аьлла, цу эвлахь динчуо.
Цо ондда критика йира цу хиламна. "Адамаш дехачу меттигашкахь деза герзаш ца лелон ша тIелаьцна декхар кхочуш ца дина Шеман Iедало", аьлла тIетуьйхира цо.

Оппозицино чIагIдарехь, Треймсехь беллачарна юкъахь, дукхах берш, маьршачу эскаран тIемалой бара. Ткъа Димашкъо бахарехь цигахь велларг 50 стаг ву. Цунах долу жоьпалла «терроран тобанашна» тIе дилина Асадан Iедало.

ПIераскан дийнахь митинге гулбелла хиллачу шемахоша дехна, дуьненаюкъара векаллал Аннан Кофина тIе дIадаккхар. Цуьнан миссица йоьзна тIаьххьара деган йовхо дIаяьлла шайн, аьлла.
XS
SM
MD
LG