ТIекхочийла долу линкаш

Младич Ратко: кхелан болх оршот дийнахь карлабоккхур бу ХIаагера Трибунало


Оршот дийнахь шен болх карлабоккхур бу, адамаллина дуьхьала зуламаш дарна кхеле озийначу Младич Раткон гIуллакх толлучу ХIаагерчу Дуьненара Трибунало.

Инарла хилла Младич дарбан цIийне виллинера еарин дийнахь. Кхелан 4-чу дийнахь, 70 шо долчу Младича шена во хилла аьллера. ХIокху кIирнах лебан болийнера бехк буьллучу агIонан хьалхара тешаш.

Боснерчу сербашна буьйралла дина хилла Младич бехке веш ву, Сребреницехь 8 эзар бусулба борша стаг, кIант верна а, адамаллина дуьхьала кхин зуламаш дарна а.
XS
SM
MD
LG