ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара дуьненаюкъара миссино теллина Треймси эвлана 6 чаккхарма гонахара меттиг


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Шемахь йолчу миссино теллина, оппозицин жигархойн хьесапехь, еарин дийнахь Iедалан ницкъаша герзаш а диттина, 200 гергга стаг вийначу Треймси эвлана 6 чаккхарма гена йолу меттиг. Миссин хьажархоша чIагIдарехь, Треймсихь тIеман операци дIахьуш танкаш а, беркеманаш а лелийна Шеман Iедалша.

Оцу эвлан бахархоша Оьрсийчоь бехке йина, цо Шеман режимана герз латтадо аьлла.

Шеман бакъонашларъярхоша бахарехь, Шеман юккъерчу Мухрада гIалахь хиллачу эккхийтарехь велла, мел лаххара а 4 стаг. Царна юкъахь ши зуда а, 13 шо долу кIант а ву. Кхин а пхи стаг вийна, ХIомсехь хиллачу тIеман тасадаларшкахь.
Асадан режимана дуьхьала анддий санкцеш яхарна тIехь лаьтта Малхбузера пачхьалкхаш.
Амма цунна дуьхьал ю Оьрсийчоь.
XS
SM
MD
LG