ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь вийна цхьа эскархо, 6-7 тIемало а


Дагестанерчу Каякент а, Сергокалинск а кIоштийн дозанехь дIаяьхьначу тIеман операцехь дараш хилла эскархошна а, тIемалошна. Цунах лаьцна Маршо радиога дийцира Дагестанерчу Талламан Комитетан зорбан-секретаро Темирбеков Расула.

"ТIеман операци дIаяьхьначу урхаллаша бечу хаамца, 1 эскархо велла, 3 чевнаш йина. Хьалхара динчу хьесапца, 6 я 7 тIемало а вийна. Кхин алсам долу хIума ала ца хаьа суна. Сайггара тIетоха ца лаара суна" элира Темирбековс.
XS
SM
MD
LG