ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан режимо керстадина Тремси эвлахь танкаш, беркеманаш а лелийна хилар


Асад Башар лидер волчу Шеман режимо керстадина шен эскарша Тремси эвлахь танкаш а, беркеманаш а лелийна хилар. КIиран дийнахь Димашкъехь дIаяьхьначу зорбан-конференцехь вистхиллачу Шеман арахьарчу гIуллакхийн министро Мадкисси ДжихIада элира, дIадаханчу еарин дийнахь Iедалан эскархоша Тремсихь танкаш а, беркеманаш а лелийна бохург «цхьана кепара бакъ дац».

Гранаташ кхуьсу тоьпаш яра, тIеман тасадаларехь лелийначех уггар а нуьцкъала герз, элира Мадкиссис.
Амма Тремси эвлана 6 чаккхарма гонаха талламаш бинчу Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин хьажархоша кхечу тайпа дуьйцу – царна карийна тоьшаллаша чIагIо, политикан оппонеташ бойуш къиза тIом хилла хилар.

Оппозицин жигархоша а чIагIдо а, хIокху беттан 12-чу дийнахь Тремсихь Шеман Iедалан эскарша беркеманашца а, танкашца а бинчу тIамехь 200 бIе сов стаг вийна хилар.
XS
SM
MD
LG