ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанерчу тIеман операцехь вийна волу цхьа тIемало, Канадехь тхов-кIело карийна хилла волу боксах латархо ву


КIиран дийнахь Дагестанехь дIаяьхьначу тIеман операцехь вийна волу цхьа тIемало, 2008-чу шарахь Канадехь тхов-кIело карийна хилла волу боксах латархо Плотников Вильям ву аьлла дIахьедар дина, Дагестанан Талламан Комитетан урхаллехь. Канадерчу Торонтохь вехаш хиллачу Плотниковн «одноклассники» тIехь агIо ю, иза цу тIе, тIаьххьара, 2010-чу шеран Гезгмашан баттахь вахана аьлла, оцу урхаллин векалша.

Даханчу Шоьтан дийнахь Дагестанерчу Къоман антитерроран комитето хаам бира, республикан ФСБен а, Чоьхбарчу ГIуллакхийн министраллин а ницкъаша цхьаний тIеман операци дIаяьхьира Утамыш олучу эвлана йистехь, аьлла. 7 тIемало а, цхьа салти а – Басько Семен вийна, кхин а кхаа эскархочунна чевнаш йина.

ВорхIе а тIемало цIерашца билгалваьккхина. Уьш Дагестанан бахархой бу – Магомедов Ислам – иза тIемалойн тобан куьйгалхо хилла боху; Магомедов Арсен, Далгатов Iиса, Ахмедов Шамил, Ибиев Амин, Маматов Мохьмад-СаьIид а.
XS
SM
MD
LG