ТIекхочийла долу линкаш

Москох вахана Аннан Кофи


Шина денна леринчу визитаца Москох вахана дуьненаюкъараллан цIарах Шема-пачхьалкхехула векал волу Аннан Кофи. Цигахь иза дагадовларш дIадахьа дагахь ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца а, арахьарачу гIуллакхийн министарца Лавров Сергейца а.

И дагадовларш дIадоладалале хиллачу зорбанан конференцехь Лавровс емал йира Малхбузера пачхьалкхаш, керла резолюци тIеэцале уьш шайна тIеIаткъам бан гIерташ ю аьлла. Цо юха а дIахьедар дира, шаьш дуьхьала ду президент Асад Башар даржах вохорна аьлла. Кху беттан 20-чу дийнахь чекхйолуш ю Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан цIарах Шемахь болх беш йолчу тергамхойн тобанан мисси.

Цу хеннахь, дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсаш дийцарехь, керла тасадаларш хилла Шеман коьртачу гIалахь Димашкъехь.
XS
SM
MD
LG